Бекалахь ненан мотт
25.04.2019Дуьненахь меттанаш дукха ду. Царна юкъахь хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу вайн нохчийн мотт а. Кхечу къоман мотт хаар ч1ог1а пайдехь ду, иза доккха хьекъал а ду. Амма шен мотт д1а а тесна 1амабе аьлла дац иза. Ненан мотт ца безачунна шен къам а, мохк а безар бац. Цуьнан сий ца лардечо шен ненан сий лардийр дац.Мотт – иза муьлххачу а халкъан истори а ю, цуьнан хиндерг а ду. Ненан маттал сийлахь а х1ума дан а дац я хила йиш а яц. Мел нуьцкъала, массо а аг1ор бийца йиш йолуш бу вайн мотт: Хьешашка – оьзда, Доттаг1чуьнга – мерза, Мостаг1чуьнга – буьрса, Захалонна – хаза, Масла1атана – к1еда, Берашка – эсала.